Ильман Юсупов

Аза Атагинская
Илман Юсупов

КАРЗАХЕ БЕЗАМ
(сонетийн кочар)

1.
Хьан къамелах кхета лууш, ас
Хеттарш толлу, хьаьгна жоьпаш леха.
Вайша хердан йогIу сонта вас,
Хьуна дагадеъча соьца эгIа.

Инкарлоно шен гушдоцу герз
Вайша лазо улле детта хийла.
Моханечу дешнийн шийла дерз
Вайша тIада ца деш, тIех туьлийла.

Тур а лестош байттамало шен,
Д;ладойла, чехош, вайша берта.
Ма хуьлийла хьан сатийсам къен
Юха йогIуш сан ойланийн керта.

Хьоь ца хоьттуш, дIабуьйгIи ас б;гIа-м
Сайн иэсехь хьан вастан дашо бIогIам…

© Iилман Юсупов.

«Безаман сонеташ» цикла юккъера.
* * *
Мархийн тоба Iуьллу маьлхан гехь,
Мох а гIерта гIашка сагIа деха.
Къона доIа санна маьждигехь,
Сан сатийсамехь хьан амат д;ха.

Декхнаш лаьтта, хеташ санна эхь,
Делкъе гIерта шен IиндагIаш довза.
Iамош ву со хьан ларашна тIехь
Сингаттаман некъан шийла йоза.

Iаршахь кхозу стелаIодан шад
ХIаваъана-м куьзганахь го Iоман.
Сан сонетийн зов ца делла кIад:
Иза-м дуьйлу, хьо ган лууш, тIома.

Гене, лечкъаш сийналлина тIехьа,
Вайша къесто гIел ца елла-техьа?..

© Iилман Юсупов.

«Безаман сонеташ» цикла юккъера.
* * ** * *
Хета гой-те, олий, самах гIан,
Хьан амат сан иэсах даьлча хьерча.
ЦIеххьана сан цхьалла елча къан,
БIаьрла дагалецам болу эрча.

Геннахь къега бевзаш боцу некъ,
Ас и кхин ца бусту сатийсамца.
Со къастаран гIопах вуьйлу чекх
Шеконашка хьебеш болчу тIамца.

Герка санна, Iаршахь кхозу бутт,
Суна даг тIе гинсу Iенош къоьжа.
Карзахйохуш сан ойланийн жутт,
Сих сан хьерча сингаттаман гоьжа.

Набарзалла ю сан чалтач къиза:
Сан синхIоттам белхо гIерта иза…

© Iилман Юсупов.

«Безаман сонеташ» цикла юккъера.
Хьан амато йийсар дахь сан гIан,
IиндагIашлахь деба беттан серло.
ГIорта хIора мIаьргонехь со ган,
Къастар верас лаций, соьх ма херло.

Иэсехь къайллах шеко кхуллу хан
Iемаш со юххера сайна лиелла,
Хуьлда эвхье муьтIахьалла хьан
Тоьлла совгIат - Дала суна делла.

ДIавигийта сатийсаме со
КIордор доцчу метте хьоьга хьежа:
Хьан син марзо суна цигахь го,
Цигахь долчу ниIматах со теша.

Со-м сайн даге дIакхачийна ваьлла
Хаза кхаъ хьо дийна хиларх баьлла…

© Iилман Юсупов.

«Безаман сонеташ» цикла юккъера.

Къилбаседен шораллашкахь буьйса юккъе йоьду хан -
Улле хьийзарг, суна шех цхьа накъост хир ю моьттуш,
Шовкъе йоцчу ойлано сан хьиэ чохь дечу хелхаран
ГIийла мукъам - бекарг суна дагчу лазам тоьттуш,
Хийла со тIехиъна Iийна хийистера д;са гIант,
Тийналлица сан къамелаш – багахь дош ца олуш,
Буьрса эскар сан шеконийн, даккха гIерташ сох цхьа ант,
Лууш дерг сан нигат дохо, сан са паргIатдолуш,
Сингаттам а - Iийриг, суна кийра  юьллуш Iаьржа йис,
Дагалецамашкахь сетташ, лаьхьа санна къена,
Дахкаро шен Iаь тIе етташ, къайладаьлла анасиз –
И ду дерриг цхьалла аьлла ас цIетоьхнарг шена…

*****

ДАХАРЕ
 
Хенан сиркхо — наб тIегIерташ, бIаьргийн хIоаш луьйсуш,
Дахар, и хьан маьIна довза сан а дийзи-те?
Сан механа язлуш лаьтта гIеметталла къуьйсуш,
Кхиэлан туька гатъеш, хIуьтту-кх шераш гийзиге…
 
Кхача гIерта юьхь сан хершнийн гезгамашин кара,
СингIаш хьега девлла баьрзнех эгначу гIанийн…
Амма дегI сан боддинехь а, лагI ца йи ахь хIара
Деган Iомахь буру хьийзо шовкъийн кIуркIмани…
 
Ца юсторна нехан хьокъо сан рицкъанан ворта,
ХIуьтту хир ду теш хьо деган цIеналлина сан:
Ахь семанна даьтта хьаькхна сан оьмаран ворда
ТIера яц-кха, цIийзаш, адамашна кула ян…
 
Лиъна хьан нийсонан хьоста къинхетамза лакъон.
Вуонаш гIерташ диканийх дан шайна муьтIахь леш,
Елла-те ахь, «дахар» аьлла, хьайн цIе тилла бакъо
Кху деношна, уьш хиларх а, дIадовларца леш?..
 
Байтийн совнахдевлла генаш синан херхо хедош,
Сан ойланан бага юзуш дешнийн жираша,
Хьо го суна пхьуьйшахь, четахь хазахетар къедош —
Чохь а, тIехь а дашо динарг ирсан тираша…
 
Лалур доций хууш хьайга дог сан къийдалар,
Сих-сиха ахь соьга кховдош ши совгIат ду, дахар:
О й л а н а ш  я р — син пардонна сийлахь даьIнаш д;хар,
И л л и  а л а р — йоьрзуш йоцчу чевнах цIий д;лар…

© Iилман Юсупов.

Ма хета ас дуьйцург цхьа кега-мерса,
Ма гIерта цунна тIе бендацар таса.
Шортта хьагI хиллехь а дерзах тIесерса,
Хьан куьцан цхьа а сиз ца даьлла бас;.

Ма-дарра кIайн ду-кха эзар шо хьалха
Азаллин нур хилла хьан юьхь-сибат а.
Къоначу хьан некъан массо а пхьалгIа
Сан дагтIехь тусуш ю хьан когийн тата.

БIов хаьрцаш яьллачу гIовгIанах тера,
Ас дина мукIарло хьийза хьан лере.
Барташ луш куьйгашна хьо йинчу шеран,
Ловзуш ю хьоьца сан кхиэлан тIекере.

Доь доцуш, атало массо а къа сан,
Хьо цхьаъ ю аьлча ас дуьненал хаза.

2.
Хьо цхьаъ ю аьлча ас дуьненал хаза,
Вас хилла хьаьвзар ю мехкарийн тоба.
Ахь къайладаккхалахь, ца дойтуш лаз;,
Хьайн месийн цIевнаца ас дина товба.

Еарин буьйсанна дIо беттан хаьштиг
Айдина, вогIур ву со хьуна тIе а.
Iеса ма даккхалахь вайн ирсан маьждиг,
Къахка ма делахь вайн пIераска-де а.

Ши адам дIакхачош шен Iалашоне,
Баьлла-те вайшиннан синхаам суьпа?
БIаьрг тухуш хилалахь хийрачу гуоне:
Сема ду гIаролаш ачонан туьпан –

Зиэн лиъна оцеран духар а, герз а,
Тийналлехь ирдо ас вайн уьйран лерса…

3.
Тийналлехь ирдо ас вайн уьйран лерса,
Ойлане юьгуш хьо, гIаш оьгуш гича…
СинхIоттам сайн хилахь жимма бе-берса,
Ловр ю ас гуьйренан карзахе хич а…

ГIаргIулийн аьзнаша зарзйина мархаш
Хир ю-кха баттана чекх хьежа дика:
Цунна а гайта вайн марзонан маргIалш,
Цуьнан дог даийта вай ирсе дига…

Хилийта яхъелла догIанийн гийзиг,
Канашкахь хьекхабеш мажбелла сул;,
С;алар – хьан хазахетарийн билзиг –
Байракхах ийлур ю хьаннаш тIехула:

Iаламна луур ду, горгделла хIазарх,
Ахь ечу бIаьцанийн къамелаш хаза…

4.
Ахь ечу бIаьцанийн къамелаш хаза
Ца вуьту безаман д;гаро чомахь.
Сан иэсехь даьккхина хьан дегIо заза,
Хьан болар – чIара бу сан бIаьргийн Iомахь.

Са токхдеш долчу хьан даточу еларх
Кисанаш дуьзна сан сатийсамаша.
Суна хьо езарна баьллачу мэлах
Хьекхалуш, дешна сан шеконийн шаш а.

Дахаран ловзаргахь сайн бIаьрса дайча,
Ас хьоьга узамца сакъоьрур дара.
ДIабаккха, хьайн дуьхьа ас цхьалла лайча,
Хьайн деган пIелгара кхоларийн тIар;.

Хьан гIайгIа иштта а, шабарш деш лохха,
Iемина сан дагах мотт хьекха бовха…

5.
Iемина сан дагах мотт хьекха бовха
Цу тIера чов гина, къастаран жIаьлеш.
Ахь а дан деза уьш цхьажимма човха,
Царна тIе мохь хьекхна, сан озан Iаь леш.

Йовха ю хIинца а, тIера Iаь гIуьттуш,
Сингаттам оьзна, ас яьккхина шура.
Iийр ю-те, соне а хиъна, и луьттуш
Дуьненца къийсина сан ойла кура?..

Дуьйцур ду хьоьга сан син олхазарша
Кхоларша юзар сан синтеман стигал.
Iаржъелла сан дегайовхонийн варш а
Шен дитташ хьеста хьо кхин ян ца тиггал…

Тапъаьлла и Iахь а, бац хьуна лаа-м
Ас хьоьга сатийса марзбина лаам…

6.
Ас хьоьга сатийса марзбина лаам
Азбелла, йиш йоцуш хьуна тIекхача.
Бод санна, севсина сан дегабаам –
Муьста хир бу цуьнах мел бина кхача.

БаI санна, къахьлуш бу сан Iоттабаккхам,
Ахь шена вас йина дешнаш а дууш.
Гехь лело хала ю цатемийн баккхал,
Ца хилча цуьнах хIун с; йолу хууш.

Шиъ вовшахкъастаран лендоцу маьIна
Со а ву хетачех дуьненал шира:
Соьца Iа байттамал, сеттаеш яьIна,
Хьоьца хьан бIаьрхиш ду дахкарал сира.

Делахь а, сан дагалецамийн товха
Хуьлу сан кхетамна йоI-бIаьргал ховха….

7.
Хуьлу сан кхетамна йоI-бIаьргал ховха
Со карзахваьккхина хьан бетан буьхьиг.
Хьоь л;лахь, цо Iоьхуш, яьккхина гIовгIа,
Хьан корехь яжор ю ас шовкъан буьйхьиг.

Хьо йина де хилча сан рузма йолош,
Сан шерийн хьаьж тIера сек хилча иза,
Ма гIуо, сан ирзера хьайн месийн йол хьош,
Докъар а ца хилча и доцург кхин сан.

Вайн дегнийн бахам бу юкъарчу долахь,
Хьуна ма догIийла и б;къа даг;:
Ишта а жимбина вайн ирсан бол ахь,
Тийсина хь;ра мел веанчун баг;.

Хетарехь, багарбан дезар ду сан а-м
ГIенаша хьох лаьцна мел бина хаам…

8.
ГIенаша хьох лаьцна мел бина хаам
Юха а буьллу ас Iуьйкъенан чета,
Сатуьйсуш хиларе сайн синна хьаам,
Бодано хIавaах иэдича вета.

Сан набарх чекхдуьйлу хьан вастан лад;р,
Кхетаман тхьуздоьлла пардо а Iадош.
Хьо гIенах гар а ду – хьуна тIе вад;р,
Собаран-Iаспаран баргол а хадош.

Можачу балдашца хьан кораш дуий,
Кхоладо батто шен юьхь-сибат куьйса –
Хьо гушшехь, сан сахьтан сихдалар ду и,
Цхьамзанийн куьйгашца дIатуьттуш буьйса.

Ша цунна хетийта моз санна хьоьхан,
Сан шовкъан Iалашо ца лела боьха.

9.
Сан шовкъан Iалашо ца лела боьха.
ЦIе санна, цIена ю меженаш цуьнан.
ТIекхочуш сатийсам кийра дIабоь хан,
ХIутту и якъон сан ойланаш тIуьна.

Лела и, малх кхетта де хилахь декхна,
Хьан дегIан IиндагIах шен духар дина.
Ткъа, буса и беттан берд хуьлу текхна
Седарчийн жагIанца хьан бIаьргийн Iина.

Дийцахьа, хIун ду-те хьо къехкар цуьнах,
Бахьанза даьккхина бехкаме орца?
И кхиъна яц хьуна акхачу хьуьнах,
КIомсаршна тIехьоькхуш мокхазан орцха.

Цуьнгахь ницкъ хиларна шайн а бан чидам,
Къона бу сан шерийн массо а битам.

10.
Къона бу сан шерийн массо а битам,
Хьаж хабош яц хьуна ас хьоьх ен ойла.
Нигат деш сингаттам улле ца бита,
Хьан дегайовхонан Дала сий дойла.

Ма гойла цкъан цкъа а хьан бIаьргийн чуьхь;
Къеначу цхьалло шен можала Iенош.
Дуьнено салт дуьллуш хьан ирсан дуьхьа,
Маликийн дарж долуш хуьлда хьан денош.

Эхь-бехко къийвале, чехкка со вига
Безаман къинойх ца доккхуче гIуда.
Реза ву со хIинцца дIаван а цига –
Дан деза некъаш ахь сан кога туда.

Дага а ца йолуш я соьх, я хьоьх а,
Хьо хесто гулло сан ойланийн пхьоьха.

11.
Хьо хесто гулло сан ойланийн пхьоьха,
Сан коьртехь и атта йоха ца туьгу.
БIаьрхиша юьзча хьан бIаьргийн ши пхьегIа,
Хьан гIайгIа сайн синна ас маре юьгу.

Стиглара доьссина хьо ;за пурба,
Лаьттаца ловзу и, хилла къоркхокха.
Со лара ца войтуш ша лаца гура бан,
Цу сохьта сан кийрахь шен бен цо бо-кха.

Кхоьру со, хьуна сайн дог-ойла йотуш,
Ларамза йисарна хьо сайн син къилахь,
Стигалахь йоьлхуш ерг марха а йоцуш,
Сан бIаьрза къанбелла сатийсам хилахь.

Хала а хир ма ду и гIалат тида-м,
Хьан вастан лар лаха векалбеш тидам.

12.
Хьан вастан лар лаха векалбеш тидам,
Со Iашшехь, хьо ядон кIелхуьйшу зама.
Хьан акха испайлла идахь а ида-м,
Цуьнан а-м дезар ду цкъа караIама.

И хIунда ю-техьа, сай санна, сема,
Дог тохаделча а, дIаэккха кийча?
Ма хала хир ду-кха, дарж санна тIеман,
И шовкъан Iома чохь резаяр лийча.

И суна муьтIахь еш (хьайн долахь йолу)
Хьо кхочур яц-техьа яьлла а-м хета…
Ас цхьана къурдаца и ойла молу,
Хьуна а некъ буьтуш сайн сих къахета.

Хьо сайна евзинчу дийнахь ас аьлла:
Хьо – Делан бIаьрхи ду – и воьлуш даьлла…

13.
Хьо – Делан бIаьрхи ду – и воьлуш даьлла,
Чохь сирла са лела, дилхане тIадам.
Бахьана хьо долуш, сан собар хаьлла,
Ас динчу доIанна жоп хилла адам.

Ас дагахь дуьйцург а хьуо хилча хезаш,
Ойлае, оьший-те къехка, пебетта?
Седарчийн даар ду – хьан сирла месаш:
Уьш суна карайо хьаьвди чохь беттан.

КIур тийса баьлча сан гIайгIанан къуьда,
Нур дахьаш дахкийта хьай бIаьрийн секхаш.
ЗIаьнарийн кхача бу – хьан беснеш хуьта,
Уьш лохуш, херцадо ас маьлхан текхаш…

Хьоьх лаьцна дош ала цкъа карахдаьлла,
Сайн кхиэлан зерат со хьоьх дина ваьлла.

14.
Сайн кхиэлан зерат со хьоьх дина ваьлла,
Лууш хьан тешаме мухIажар хила.
Шен бага йоьхкича хьестарийн гаьллаш,
Терсарца гIадъоьху сан ирсан гила.

Мустъелла хиллехь а, сан хенан гуьйриг
ГIа хеццалц, ловза-м йи хьан деган кхаша.
ТIелуьсту сан массо сиркхонийн уьйриг
Де-буьйса цIе йолчу хьан урчакхаша.

Дуьйлина латтадо хьайн бIаьргийн иэс ахь
ГIайгIано лоьхучохь шен жоьра ижу,
Хьекъадеш суна хьайн сибатан хесахь
Довхачу балдийн ал-цIегIа ши гижу.

Цундела бекаш бу сан иллин мерз а.
Ма хета ас дуьйцург цхьа кега-мерса.

15.
Ма хета ас дуьйцург цхьа кега-мерса,
Хьо цхьаъ ю аьлча ас дуьненал хаза.
Тийналлехь ирдо ас вайн уьйран лерса,
Ахь ечу бIаьцанийн къамелаш хаза.

Iемина сан дагах мотт хьекха бовха
Ас хьоьга сатийса марзбина лаам.
Хуьлу сан кхетамна йоI-бIаьргал ховха
ГIенаша хьох лаьцна мел бина хаам.

Сан шовкъан Iалашо ца лела боьха,
Къона бу сан шерийн массо а битам.
Хьо хесто гулло сан ойланийн пхьоьха,
Хьан вастан лар лаха векалбеш тидам.

Хьо – Делан бIаьрхи ду – и воьлуш даьлла.
Сайн кхиэлан зерат со хьоьх дина ваьлла...

* * * * *