14. К1ента к1антана

Аза Атагинская
Хьан Дадина, Бабина а Дала
Совг1ат дина хьо дуьнент1е валарх.
Тхан б1аьрг бузуш, хьох кхуьийла КЪОНАХА,
Вайн махкана пайде деш хьан дахар!

Хьан дахарехь хуьлда ийман, беркат!
Г1иллакх хуьлда хьоьца, доьналла а.
Хьо ларвойла даларх ирча г1алат.
Хьох даккхийдеш ду хьуна тхо тахна.

Азман Джабраилова