***

Зура Аутиева
Дуьне хьийза, хьалхарчунна т1аьхьа
Шолг1а гуо, кхоалг1аниг хорцуш...
Дегнаш ц1ийза, и шайн г1ийла маьхьарш
Вайн деларца, ца хазийта, иэлуш.

Муьлхха лазам, ша бакъболуш белахь,
Дешнашка ца тарло, я маьхьаршка.
Тийналлехь ша лечкъий, синкъерамна к1елахь
И д1ахьулло, аттаче ца болуш.

Нагахь бала бийца дош карийнехь,
Г1айг1а эккхо г1ирс а хуьлу уллехь.
Амма карор дац-кха цхьанна маь11ехь
Бакъберг лазам бийца дешнаш хьуна.