Гуьйренан хиламаш

Аза Атагинская
Боберийн гуьйре ю боху
Беша шен тойне д1акхойкхуш.
Сийначу стиглара марха
Ю меттахъхьен карх ца долуш.

Ц1ен- можа г1аш нилхадевлла
1индаг1аш го доьхна- даьтт1а.
Ларамза бисначу 1ам чохь
Нур лийчош го буса седа.

Ц1аьххьашха сурт хийцадели.
Баддели нур дашо маьлхан.
Т1ам бетташ мох дег1ах хьаьрчи.
Б1арлаг1а го сира-сийна.

Даръелла оьг1азе гуьйре.
1аламах хьерчайо шело...
Нисдийр ду хиламийн гураш
1аламан хьал карахьдолчо.

Азман Джабраилова