Лаьттан узарш

Аза Атагинская
Хезий шуна- узарш деш ду латта.
Кху дуьнент1ехь яьржина къизалла
Хьекъалх тиллачу сутарчу наха
Т1еман к1уьрехь бераш дойъуш лаьтта,
Бен бехк боцург хийла хадош дахарх.

Берийн ц1ий хи санна 1енаш лаьтта,
Церан б1аьрхиш 1енарх бен ца хетта.
Эт1ош берийн дог1маш 1азап дина.
Берийн б1аьргашкахь 1ожалла тийна,
Т1еман къаьхьа къемат царна гина.

Вайн декхар ду адмашлахь барт ч1аг1бар,
Массо къам самаьрша дита даха.
До1анашкахь Деле боьхуш машар,
Доьхуш дузар х1ора дог ийманах...
Совцур дара лаьттан узарш т1аккха!

Азман Джабраилова