Хьости чуьра хьагвелча...

Роза Дахаева
            Пусть нас мучает жажда к Знанию,
            это единственный путь к Познанию!

          
**********************

Хьости чуьра хьагвелча 
Канашца муьйлу хи санна,
Бецаша 1аббалца   
1уьйранна муьйлу тхи санна,
 
Хьогалла хуьлийла
Вайн дагчохь ненан мотт безаш.
Нохчийн мотт бицбина
Х1ара дуьне хьийза ца дезаш.

Сайнонан 1ин чуьра
Адмашка кхойкху сай санна,
Гу т1ера б1аьстенца
Зезагех лепа бай санна

Ялсаманан хьозано
Дагчуьра кхоьллина байташ,
Хуьлийла йозано
Вай метта хазалла гойтуш.

Х1ора дош-жовх1ар х1оз.
Нохчийн мотт-синан х1орд!