Жима ю

Аза Атагинская
Ца къиежа самукъне хьо х1инццалц санна,
Эсала вистхуьлуш ца хьоьжу б1аьра.
Х1ун гамо ю- те ахь кховдийнарг соьга?
Дегаза х1ума дац, ч1ир яц сан хьоьца.

Хьуна со езаран бехк бу соь кхаьчнарг,
Со- м  хилла яц гена хьох яла хьаьгна.
Суна - м ца хаьара оццул суо езий,
Къайлаха б1аьрг бетташ гуо бохуш лелий.

Воккхачо ден хьехарш  кхочуш дан деза,
Аьрга стом  хуьлийла дац боху мерза.
Нанас со х1инца а жима ю боху.
Ц1ийнан дукъ т1елаца хуур дац боху.

Безаман суй дагчу боьжна ца хилча,
Х1ун хир ду со кхиъалц ахь собар дича.
Кхетар ду  вай цхьана со кхиъна яьлча
Несалла лелон со 1емина яьлча.

Х1ун хир ду хан аса ца йилларх хьуна
Тешамна ца яларх  дашо ч1уг кара?

Азман Джабраилова