Къастар

Аза Атагинская
Б1астено хецна шен заза,
Баьллин беш го серла яьлла.
Амма цо ца хьосту б1аьрса,
Безаман суй д1абан г1ерта.

Цхьа дагахь доццуриг кховдош,
Д1алекъи безаман шовда.
Со тесна йити хьайх хьегош,
Иэший ахь сан деган г1ора.

Мел хилларг дицде ма ала,
Дог къовлуш, йер ю къинт1ера.
Ца дог1у зарзар кхин беша,
Саций цо шен зевне эшар.

Безаман алу д1айойъуш,
Кхолламо вай къасти д1аса.
...Вовшашца сихалла къуьйсуш
Дужуш ду и боллан заза...

Азман Джабраилова