Шен мохк

Аза Атагинская
Б1е эзар чаккхарма дехьа
Некъаша вай гена дахарх,
Хаалуш хуьлу- кха дагна
Нанас ц1а кхойкхуш ден дехар.

* * * * * * *

Дуьненан шорте ю йоккха,
Адамийн дахар ду парг1ат.
Амма шен ломарчу механ
Башха мукъам биц цо ло-кха.

Диц ца ло хьомечу юьртахь
Сатосуш схьахиеза аьзнаш.
Делахь а, б1аьрг тоьхча, генахь,
Сил дезна ламанийн баххьаш.

Ма хьоме хиллера ломахь
Декачу шовданийн аьзнаш.
Данне а дац- кха дуьнент1ехь
Кхин хиш, цу шовданел мерза.

Геналлера хаьдча рицкъаш,
Дуткъделча са, цхьалла лайна,
Дахаран тулг1ено мацца
Верзаво ц1ехьа, шен махка.

Азман Джабраилова
2001 шо