Ахматова Раисина лерина

Аза Атагинская
Дуккха а шераш д1аихна хьо йоцуш.
Х1инца а стом луш ю ахь йитна беш.
Ахь весет дина аз т1аьхьене кхочу,
Хьох ала ду тахна мехала дош.

Дахарехь парг1ато ца лоьхуш синна,
К1аддаларх, шелдаларх ца кхоош дог,
Къайлалло, ширалло марздинчу васте-
Седарчийн лекхалле кхийди хьан дог.

Даймахке, халкъе а йист йоцу безам
Бакъйолчу поэзехь хаддаза хестош,
Ламанхойн зударийн ялхаеш г1айг1а,
Яьхна хьо хиндолчу дикне сатуьйсуш.

Хьох дисна бакъ иллеш т1аьхьенна хезош,
Цу попан дечиган пондар бу бекаш.
Нохчийн йо1, шир ца луш еха хьан байташ.
И зевне кхо мерз бу хьан дешнаш декош.

Азман Джабраилова