Банжаев Аьрзун афоризмашна рецензи

Аза Атагинская
Литературехь керла ц1е гучуялар 1аламат пайде  х1ума ду, боккха кхаъ бу.

Т1аьхьарчу хенахь  нохчийн литературехь йовза йолаеллачу къоначу яздархойн мог1арехь ю Банжаев Аьрзун ц1е. Къона поэт, яздархо ву иза.

Х1ара афоризмийн гулар  дешархойн кхиэле юьллу къоначу автора.

Нохчийн меттан хиндолчух дог лозуш, шен къона хиларе хьаьжна ца 1аш, нохчийн маттахь байташ язъеш, мотт кхиорехь къахьега лаам болуш схьавог1у  Банжаев Аьрзу. Нохчийн мотт самабаккхарехь, метан хьал тодарехь  къахьега лаам болчех ву иза. Цу 1алашонца поэзин, прозан некъаш толлуш лехамехь а ву къона яздархо.

Афоризм- доцца алар, дукха хьолахь йоьшуш болчарна дагахь а лаьтташ , адамашна шайн къамелана юкъа дало дог  дог1уш, философски  алар ду.

Афоризмаш еша волавелча ойланийн т1оркуз достуш  санна хетало,  керла- керла ойла мел йийши  самукъа а долуш.  Афоризмаш дика язъйинчу авторах х1айбате ойла а кхоллало. Пайде болчу хьехамашна ойла т1еяхийта дог дог1у. Къолам карахь еша а йоьшуш, хазйелла, к1орге хетта меттиг билгалъян  лаам хуьлу.

Афоризмаш язъяр хала а, жоьпалле  а  г1уллакх ду. Ала деза, иза хала жанр ю.

Нохчийн литературехь и жанр т1аьхьайисина йог1уш  ю.  К1езиг бу оцу декъехь  нохчийн маттахь язъеш берш.

Цу жанрехь Банжаевс А. йоккхуш ерг дуьххьарлера г1улч ю. Цундела ешархошна ледара аг1о каро а тарло, шайн дахаре хьежамаш  тай - тайпана хиларе терра.

Цхьайолу афоризмаш д1аеша волалушшехь марзло шайн  хьекъале маь1ница:

«Дикачу нахана юккъехь дика хилар- иза дика хилар дац. Вуочу нахана юккъехь хила веза дика, - иза ю дикалла».

«Уггаре коьртаниг- тешам бу. Тешам боцчу адамца юкъаметтиг лелор- кхерам бу».

Хьехар дар, хьехам бар, воунах лардалар 1амор , иштта кхин а пайде ойланаш  хаало Банжаев А. афоризмашкахь.

Коьртаниг дуккха а дахаран, хиламийн ойланаш йинчул т1аьхьа дахаран  хьесап  дан хаар ду.
Дахаран философи езаш, йовза 1алашо  йолуш  воцург  афоризмийн беша кхийдар вац аьлла хета.

Банжаев А. цу беша кхевдина, шех б1обулуш, шен ницкъах тешна г1улчаш йохуш ву.

Теша лаьа Банжаев А. шен лехаме, оьздачу литературни  невкъах воха а ца вухуш, дикка лакхене кхочург хиларх.

Цу некъат1ехь къоначу яздархочун Дала аьтту бойла ала а лаьа!

Азман Джабраилова