Сан г1ала

Аза Атагинская
Соьлжа-г1ала, цхьа башха ду хьан куц-кеп.
Маршоно хьан кхерчахь буьйци ирсе бен.
Стигла кхийдаш лаьтта "Нохчичоьнан дог"
Дуьне хьегош шен исбаьхьчу хазаллех.

Седарчий ду хьуна къежаш тийналлехь,
Хьан нуьре мутт муьйлуш текха беттаса.
Хьан хазалло йийсар лаьцна хьо гинарг,
Хьан комаьрша серло йогу дуьненна.

Даимм оьшу махкана хьан синйовхо.
Х1ора кхерчан корехь йогу хьан серло
Шайн са мадду кхиош ларйо хьо халкъо,
Соьлжа-г1ала, ду тхан ирсан ага хьо.

Азман Джабраилова

-----------

Музыка и исполняет Увайс Шарипов