Хаза б1аьсте

Аза Атагинская
Зазано куц хаздеш
Беш серлаяьккхи.
Бес- бесар зезагаш
Бай кхолуш лаьтта.

1аламан хазаллех
Даккхийдеш бешахь
Б1аьстенан аьхналлехь
Олхазарш дека.

Малхо шен нур хьоьрсу
Ломан баххьашкахь.
Б1аьстено г1улч туьйссу
Даймехкан лаьттахь.

Азман Джабраилова
1981шо