Нохчийчоь, парг1ат хьо йахалахь!

Аза Атагинская
1аламо басарш ца кхоийна,
Даймохк, хьан хазалла къагийна,
Дегнашка ирсан хьал кховдийна.
Сан дуьне-дахар ахь тадина.

Хьан дикчу адамех дог дуьзна,
Ийманан нур къеги хьан хьаьттахь.
Хьоь болчу безамо б1аьрг буьзна.
Нохчийчоь хазлуш ю кху лаьттахь.

Тхан кхоллам нуьре беш, Сийлахьчо
Хьо йелла совг1атна, Нохчийчоь.
Хьан ни1мат дебийла дуьненчохь.
Дайн мохк сан, декъала хуьлда хьо.

Саде1ар хьан ц1арца ду-кха тхан.
Тхан ирсан дог1а ду хьан кхерчахь.
Дахарна йовхо луш даима,
Нохчийчоь, парг1ат хьо йахалахь!

Азман Джабраилова
2012 шо