Аьхкенан чаккхе

Аза Атагинская
Хьоьжу со безаме хетта
1аламан исбаьхьа амалш.
Жим-жимма чаккхене г1ерта
Аьхке, шен хийцина васташ

Аьхкенан болар лахделла,
Беттан сурт оьхьуш ду 1аьмнаш
Теббина можа къу лела
Г1а-бецан баьццар бос лечкъош.

Маса чекхъиккхинчу цунах
Тоъалла ца эцна марзо.
Лам хьерча дахкаран кисех...
Иштта ду Кхоьллинчун йоза...

Азман Джабраилова