Асламбек Гайтукаев Белг1атара Азман

Аза Атагинская
БелгIатара Азман
Асламбек Гайтукаев
 Аллах1-Дала х1оттийначу, нисдинчу цхьацца бахьаница хуьлуш ду олу массо х1ума. И йоккха стаг суна йовзар а нисделира шатайпана. Масех шо хьалха маршрутни «Газель» т1ехь тхо дог1уш а долуш, хезаш, тидам т1ебоьдуш дара тхуна ши-кхо г1ант хьалхахь хиъна йолчу цо шен лулахочуьнга ден къамел.
 
Назманаш йоьшура йоккхачу стага, Сибрехах, ткъа иштта вайн г1иллакхех лаьцна дуьйцура, Мамакаев 1аьрбин ц1е а йохура, 1еламстаг волу шен да  нохчий махках бахале хьалхарчу муьрехь байташ язъеш вара а элира. Хетарехь, «Газель» чохь мел волчун ойла йоккхачу стагана, цуо дечу башхачу къамелана т1е а яхнера.

Дала ишттачу адамца кху машен т1ехь тхо цхьаьнанисдар цхьаъ доцуш дац-кха аьлла хетна, йоккха стаг охьаюссучу хенахь цуьнга иза еха меттиг хаьттира ас.
Оцу зудчун пурбанца, цул т1аьхьа цхьана дийнахь цаьрга кхечира тхо. Цуьнан к1анта 1имрана тхуна г1о а деш, махкахойн мелла тидам т1ег1ур болу а, ладоьг1ча, хезча пайде хир ду аьлла хета х1уманаш йоккхачу стаге дийцийта хьаьвсира тхо оцу дийнахь.

1928-чу шарахь Веданан к1оштарчу Белг1атахь Шахтимировг1еран Г1ирма-Солтин, Селин доьзалехь дуьнент1е яьлла Азман (Тахана иза йоцуш ю, Аллах1-Дала цунна гечдойла!) Ши ваша хилла Азманан. Йоь1ан ялх шо долчу хенахь (1934-чу шарахь) кхелхира цуьнан нана. Цомгуш меттахь ша йолуш, Селас дехар дина хиллера шен ц1ийнадега, ша д1аяьлча ялх баттахь шен ч1ир кхабахьара аьлла.

Х1усамнана кхелхинчул т1аьхьа Г1ирма-Солта еххачу хенахь Селина Ясин деша ихира кешнашка. Х1усамненал т1аьхьа 11 шарахь ваьхначу Г1ирма-Солтас кхин зуда яла а ца йира. Ахь зуда х1унда ца ялайо, шега хаьттича, цо аьлла хиллера: «Ас дешначу Къуръанор ялор яра, Села санна зуда ялийначух хир а елахьара, доьзал акха а бер бацахьара».

1943-чу шарахь юьртарчу ишколехь Азмана чекхъяьккхира 7 класс. Кхид1а деша аьтто ца хилла, юкъахделира дешар. Ц1ера г1уллакхаш деш, х1усамненан декхарш кхочушдеш схьаеанера шен дахарехь Азман. Дика доьзал кхиийнера цуо. Ч1ог1а оьзда стаг вара шен х1усамда бохуш, дуьйцура х1етахь Азмана. Вай Сибрехахь долуш яхана хилла иза цуьнга. Цу хенахь дуьйна Тозуркаева фамили лелийна цо.

1едало адамашна т1ехь лелийна харцонаш, дин лелочарца  латтийна къийсам, цхьа а бехк боцуш халкъ махках даккхар… дика дагадог1ура йоккхачу стагана. Цуо дечу къамело гойтура, иза х1уманна саготта йолуш, дика иэс, вайн дахарехь хуьлучуьнга сема, ира хьажар долуш, нохчийн зорбанан, бартан дашца даима гергарло латтийна зуда хилар.

Нохчий Сибрех бигна шо кхаьчначу хенахь д1акхелхина волу цуьнан да Шахтимиров Г1ирма-Солта вайн республикехь дика вевзаш 1еламстаг хилла. Цундела, 1илманна юккъехь кхиъна а йолуш, 1илманан ден йо1 ю Азман, олуш хилла кхунах лаьцна, долуш дерг ма-дарра хуучара. Шахтимиров Г1ирма-Солта 1арбийн йоза-дешар хууш, бусалба дин 1амийна волуш, латинийн йозанан бухехь ша 1амийна хилла болу вайн нохчийн мотт дика бевзаш стаг хилла.
 
Лаца хьовзийча, Даьрг1арчу школе хьехархо вахара Г1ирма-Солта, цигара а, молла ву аьлла, д1аваьккхира. Сталине д1ахьедар яздира цо, ша хьехархочун балхара д1а х1унда ваьккхина аьлла. Т1аккха юха а балха х1оттийра иза.

1илманна Г1ирма-Солта шера хиларан дуккха тоьшаллаш даладо наха тахана а. Со1ип-моллас (Белг1атара хиларал совнаха, цхьана ц1ийнан нах бара х1орш) хьоьхуш, дешна цо, шен 7 шо кхаьчначхьана 32 шо кхаччалц.
Х1ара ц1а веанчу хенахь, кхуьнгахь х1ун доллу хьажархьама, уггар мерзачуьра жижиг даийта шена аьлла, Со1ип-моллас Г1ирма-Солте хабар тоьхнера бохуш, дуьйцу. Кхуо мотт бахьийтина. Юха хабар кхаьчна, уггар чаьмзачуьра жижиг даийта аьлла. Г1ирма-Солтас юха а мотт бахьийтина. Уггар мерзаниг, уггар къаьхьаниг  мотт бу бохург, ч1аг1дина цуо ша динчуьнца.

Шахтимиров Г1ирма-Солта Эрсанарчу цхьана стагана бусалба 1илма хьеха вахана а волуш, т1ех1оьттина 1944-чу шеран февралан 23-г1а 1уьйре. Юха шен доьзална т1е ца кхочуш, оцу Эрсанарчу нахаца вехаш 1аш волуш, вай махках даьхна шолг1а шо долчу хенахь (шен 57 шо хан йолуш) д1акхелхина Г1ирма-Солта.

Больницехь волуш ша-шена дешна а хилла цуо, цул т1аьхьа мотт сецнера, боху, цуьнан. Оцу хьолехь ша волуш, кехат, къолам даийтина, назма д1аязъян кхиъна иза ша валале. Тховса-кхана лийр ву ша, ша-шена деша а дешна шуна, деша стаг ца оьшу шена, к1ант-м шиъ вара шен, йо1 декъаза х1ума ю, Азманан доладелаш, аьлла хилла цо цигахь нисъеллачу шен стунйише.

Г1ирма-Солте кехат, къолам белларг Соьлжа-Г1алахь ваьхначу совдегаран Абубакаран йо1 Секи (больницехь лорйиша хилла йолу) хилла бохуш дуьйцу. Шен дас, ша оцу хьолехь волуш, д1аязйина хилла йолу назма, г1ийла мукъам балош, дагахь д1айийшира тхуна Азмана. Вуно ч1ог1а дагахкхеташ а нисделла хилла Г1ирма-Солтин и башха мог1анаш:

Я Аллах1, хьан г1ийла миска лай ваг1ахь,
Дас-нанас аьллачунна т1ехь чекхваьлла ваг1ахь,
Дог реза къинт1ера уьш бевлла ваг1ахь,
Со везаш эцалахь, ва Везан Дела.

Вешера вошалла хиланза ваг1ахь,
Несера несалла хиланза ваг1ахь,
Къинт1ера вели со Хьан дуьхьа, Дела,
Хьоьгара ял еза, ва Везан Дела.

Хьалхара кхерч, лаамза, со боьхна ваг1ахь,
Шолг1аниг Хьан кхиэло бохийна ваг1ахь,
Кхозлаг1чух валаза ца ваьлла ваг1ахь,
Хьан кхоьлана реза ву, Хастаме Эла.

Бехк боцуш, Дег1астанах хьегна дег1 даг1ахь,
Хьаналчу хьацарна даьцна дег1 даг1ахь,
Га доцу марг1ал-г1а дитина ваг1ахь,
Цуьнан терго Ахь елахь, ва Везан Дела.

Хьо цхьаъ веш, шах1адат со далош ваг1ахь,
Хьан Элча Мухьаммад со бакъвеш ваг1ахь,
Сайн устаз Мубарак къобалвеш ваг1ахь,
Декъалчу тобанах тохалахь Дела.

Са оьцу мулкалмот муьт1ахь де, Дела,
Бартхотту маликаш резаде, Дела,
Жоьпашкахь Ахь нисвар Хьоьга доьху, Дела,
Юьхь1аьржа х1отторах ларвелахь, Дела.

Вуно хаза, аьхна мотт болуш, стихаш, назманаш язъеш хилла Азманан да. Вай Сибрех дигале республикан муьран зорбанехь ара а йийлина царех цхьаерш.

«Нохчий Даймахка бухабирзинчу хенахь, архиваш йолчу а яхана, уьш схьа ца гулъеш, сайх ледарло ялийтина аса. Бакъду, тхайн ден хилла жайнаш-м схьагулдира оха», - олура Азмана.
 
Хаийта лаьа, (нохчаша бусалба дин т1еоьцучу муьрехь) Нохчийчохь уггар хьалха маьждиг доьг1на юрт ю Белг1ата. Оцу эвлара схьабевлла 1еламнах молланаш лаьттина нохчийн дуккха а ярташкахь: Гуьнахь, Эрсанахь, Эна-Кхаьллахь, Илсхан-Юьртахь, Закин-Юьртахь, Теса-Кхаьллахь, Мескар-Эвлахь, Цоцин-Эвлахь, Бух1ан-Юьртахь, Эг1аштахь, Шелахь… Оцу молланийн ц1ерш а дагайог1ура Азманна.

Дешначу нехан (Г1ирма-Солта дийна волуш, уьш цаьргахь сих-сиха гуллуш хилла) къамелашка дуккха ладег1арна, Азманан иэсо лардинера шен дас баьхнарш:
«Пондарх лекхалуш пенарш хир ду… Сом делла а, шен доьзалхо хьаста везаш хенаш йог1ур ю; ца хьастахь, иза д1а а вахана вуьсур ву да… Дуьне доха гергадаханчу хенахь, даьккхинарг даа а ца кхуьуш, адам деддий-хьаьддий хир ду шуна, йиша-ваша вовшашна т1екхочуш хир дац… Вехаш волчо вехаш волчунна бен саг1а а лур дац, мисканиг д1атоттур ву. Даа шурула-к1айн бепиг долуш, адам меца хир ду… Вай махках дохур ду, хьаькхарчий кхерсташ лаьттар бу вайн Даймохк; цхьаберш буьсур бу хийрачу махкахь, цхьаберш ц1абог1ур бу…»

Азманна доккха беркат хетара уьш, дешна нах, вайн болуш хилар. Бусалба дино ма-бохху лелаш, 1илма шена дика 1амийна, нахана иза хьоьхуш волчу стага шеха вониг далуьйтур дац, оьзда хир ву иза ша буьйцучу маттаца, духарца, кхочушдечу г1уллакхашца.

«Хаза хьехамаш бора со жима йолчу хенахь берашна, - дуьйцура Азмана. - Нана йоцуш кхуьучу соьга сайн ненананас дийцинарг дагадог1у суна: «Хуьнжар къовлий дехкалахь, кхача дукха ма баалахь, оьзда хилалахь. Нехан чу яханчохь, д1аса ма хьежалахь…»  Хьалха к1ант, йо1 урамехь х1уттий ца латтуьйтура – чукхойкхуьйтура. Иштачу метте, нене еха а йоьхий, схьаялайора йо1, т1аккха, схьаялоре терра, юха нене д1алора. Я хин коьртехь, дуккха адам долччохь, дора йо1а а, к1анта а шайн къамелаш. Тахана г1иллакхаш г1еххьа дайделла, амма лелочара леладо уьш даима. Д1атаса йиш ма яц уьш…».
 
Вайн маттах лаьцна къамелаш а дира оха Азманца. Джамалханов Зайндис ц1ена нохчийн мотт буьйцуш хилар билгалдоккхура цо: «Куьрчалара шен схьавалар долуш а ву иза. Тхоьгарчу йо1а дешна, Зайнди шайн хьехархо а волуш, Соьлжа-Г1аларчу хьехархойн училищехь. Вешан мотт вай талхош новкъа а долуш, иза ларбаре, кхиоре кхойкхуш схьавог1у иза тахана…»

Юха Азмана дийцира Мескитарчу Айдамиров Абузарх (Дала гечдойла Абузарна а, Зайндина а) лаьцна: «Оьзда стаг вара иза. Телевизор чохь ша динчу цхьана къамелехь цо элира цкъа: «Тхан юрт яккхийчех яц. 200 сов стеган вайн йоцу ц1ерш ю тхан юьртахойн. Уьш а елара ц1ерш! Иштта стаг д1аойбучохь муха йоккхур те ю цуьнан ц1е? Сан берашна нохчийн маттахь къамел дан ца хаьа, бохуш, дозалла деш лийли цхьаболу дай-наной. Вай стенга кхача г1ерта те?..»

Гуш дара, Азманан дийца х1уманаш дуккха хилар. Оха муьлхха х1ума хьахадарх а, вуно маь1не долуш, къамелана юкъадилла дош, дийцар карадора цунна. Йоккхачу стаге ойлайойтуш, сагатдойтуш х1уманаш дукха ду вайн исторехь, таханлерчу дахарехь.
Шена хетарг ма-дарра д1аолуш хилла ю Азман. Ишта аьлларг ца товш берш а дера хуьлу, цуьнан шен юххерчу гергарчарна юккъехь а хилла.

Иштачохь Азмана шен гергарчарга олура, боху: «Ас бакъдерг аларна шаьш суна реза дацахь, со елча д1айолла ма дуьйла. Оцу Пригородне олучу юьртахь, тайпана хьачарой болуш, сан ден хилла беза хьеший, церан гергара нах бу шуна. Цаьрга аш хабар дахьийтачхьана, цара схьа а баьхкина вуно дика д1аерзор ю шуна со. «Баа хуучунна мерза хьаьмц бу со, ца хуучунна – ира к1охцал ду», -  баьхна шен хьокъехь цхьана дикчу стага...».

Йоккхачу стага Азмана шена х1умма ца доьхура, цунна луург х1ара дара: вешан мотт бийцарехь, берашна ц1ерш тахкарехь, духар хоржучохь, вовшашца йолчу юкъаметтигашкахь, хиндолче г1улчаш йохучохь, Дала х1ун боху хьожуш, вай жимма ойлаеш хилар. Хьекъале дош вайна хаза а ца хеза аьлла хетара цунна.

Вай дийцинчул дуккха сов девзара Азманна шен дех Г1ирма-Солтех, ткъа иштта 108 шарахь ваьхначу шен девешех Тимарх лаьцна а. Оцу шен гергарчу шина адамах долу дуккха башха дийцарш йоккхачу стагана (коьртачу декъана) нахехула девзинера. Тамашийна иза хетахь а, нахана (шен чохь болчарначул а) дика бевзаш нисло цхьаболу дика нах.

Ткъа Азманах доьзна къамел дерзош ала лаьа: и санна адамаш мехкан бахам санна ларало, уьш вайна юкъара д1абевлча а, х1унда аьлча: мехала ду Аллах1-Делан т1едахкарш кхочушдеш баьхначийн дахаран масалш; мехала ю собарх, доьналлех ца бухуш баьхначара дахарехь йитина оьзда лар; мехала ду хьекъале дош, иза мацца аьллехь а!