Махках къастар

Аза Атагинская
Аьхке т1ехтили... Т1екхечи
Барамза г1айг1ане мур.
Можа бос ца кхоош, буьйци
Гуьйрено шен башха куз.

Юха а еъна т1екхечи
Шун махках къастаран кхел.
Назманца аш юьхьарлеци
Ца бича ца болу некъ.

Т1ам бетташ, басенаш хедош
Г1арг1улеш къайла евли...
Къастаран бакъонаш лоьруш,
Доггах шун некъ декъалби...

Г1арг1улеш, шу маьрша г1ойла,
Ца хуьлуш новкъарлонаш.
Ма г1ойла шу некъах тилла,
Ц1ехьа некъ биц ма белаш.

Даймахкахь хьашт хилар хууш
Дала ц1а дерзор ду рицкъ,
Ша шуна белла некъ нисбеш,
Халонаш лан лур бу ницкъ...

Азман Джабраилова

___
Картинка из интернета.
Спасибо автору.