5. Даймохк - сан деган дозалла

Аза Атагинская
Бецех мерза хьожа кхета...
Малхо хьоьсту зезагаш.
Зезаг-к1айдарг* суна къежа,
Буйна лацар ша марздеш.

Дитташ юккъехь зарзарш дека,
1алам хестош шовкъехь шайн.
Лиъна хаза эшарш айъа
Гаьннаша до шабарш шайн.

Бецан дарех дайн куьг хьаькхна,
Хастабо ас Даймохк сайн.
Дукха хестор т1ех ца хета.
И-м деган дозалла дай!

Азман Джбраилова

---------
*к1айдарг-зезаг - ромашка