Дахар. Жизнь

Фариза Цалдаева
Адамаш! Аша тидам бой?
Нанас бер шен мара къуьйлуш
Адамаш! Аша ойла йой?
Дас шен к1анте весет деш.

Йо1а к1анте кара х1ума луш
Я сено к1орни мерза хьоьстуш
Хин татолаш карзахдуьйлуш
Я х1усамдас шен хьаша лелош.

Адамаш! Аша тидам бой?
Стиглара мархаш д1а-схьа юьдуш
Адамаш! Аша ойла йой?
Доьзал сарахь шуьне ховшуш.

Нанас аганан илли олуш
Я батто седачашца барт беш
Бусулба стага буьйса денъеш
Я б1аьста корех хьокхучу мохах.

Адамаш! Аша тидам бой?
Мискачу стага до1а деш
Адамаш! Аша ойла йой?
Кханалерачу къемат дийнах.

Диканехь-вуонехь лулахой хьийзаш
Я йо1а г1иллакх хаза лелош
Баккхийчу наха хьехам беш
Я ненан мотт хаза буьйцуш.

Адамаш! Аша тидам бе?
Лакхахь далийначу г1иллакхан
Адамаш! Аша ойла йе?
Аллах1а деллачу дахаран.