Хийцаме б1аьсте

Аза Атагинская
Дадийна далийна жима нускал санна
Цкъа екхна хуьлу хьо, самукъадоккхуш,
Г1уг1 доккхуш тохало, х1утту ткъес детта,
Ткъарш баржош, де-буьйса доккху ахь, йоьлхуш.

Йеъна хьо мехашца, дог1нашца, хатташца.
Хьан замой оьг1азе, дера бу цкъацца.
Цкъа аьхна йовхо ахь кховдайо лаьтте.
1аламах чекхъюьйлуш, хьан шело хьаьрча.

Мархашлахь малх лачкъош, йа гучубоккхуш,
1алам ахь 1ехадо дохдеш, йа шелдеш.
Цхьанаэшшара цахиларх, хьох даккхийдедо,
1аьно сатийссина рог1ера б1аьсте!

Азман Джабраилова