Даймахке...

Аза Атагинская
Ас муха бийца- те синк1оргехь кхаьбна сайн безам.
Леррина лехарах, говза яц ховха дош каро.
Кехате шабарш деш, сахиллалц  шершарах къолам,
Ойланаш керчайарх, ницкъ тоац сайн лазам балхо...

Кхераме хьал х1оттош, мостаг1чо чехош хьо луьра,
Ца лало даге сан, схьахиеза эккхаран г1уг1 а.
Ма генахь бисна хьо, сил дукха безначу суна.
Б1о лаьтта бехкам беш, гергахьа г1оьртича хьуна...

Нуцкъалчу мехаша сайн дешнаш даржорна кхоьру,
Сийначу ц1ергахь сайн йозанаш дагарна кхоьру.
Даймохк, суо геналлехь садаьлла йаларна кхоьру.
Хьоьга сайн синлазам балхонза йисарна кхоьру...

Азман Джабраилова
2001шо.
Г1алг1айн республика