Дейишина лерина...

Фариза Цалдаева
Дейиша, хьомениг, декъала йойла
Везачу Дала хьо яха йойла!
Дала хьан дахар ирсе дойла
Хьайн безачеран вон а ма гойла.

Йишина метта, д1ах1оьттина ю хьо
Даима сан дог хьоьстуш, ехаш ю хьо
Хьо хестош дийца, шорта ду дешнаш
Хьоьх лаьцна ала дуккха а ду дикнаш.

Хьо сайна хиларна, со йоккха йе
Хьо дог-ц1ена хиларна, со ирсе хета
Хьан хаза амат, сан дагна деза
Хьо саннарг, йоций хаийта деза.

Сан хьоьсту дог, хьан Дала хьоьстийла
Даима иштта а хьо самукъне хуьлийла!
Хьа дог а, б1аьрг а цкъа а ма боьлхийла
Дена-нанна, йиша-вешина, моьт1ахь хуьлийла.

Сайн байт аса лерина, хьуна Таиса
Даггара декъал йа, лаарна сайна
Хаалахь, х1ара дуьне даьккхина лелахь
Хьо санна дейиша, суна карора йоций.