Доттаг1е

Фариза Цалдаева
Хьо къонах ву хьуна, шеко а йоцуш
Хьай нена сий ду хьо, барам а боцуш
Хьай х1усам да ву хьо, ледар а воцуш
Аллах1ан лай ву хьо, куралла йоцуш.

Халкъана, махкана пайдехьа войла
Дала шех кхоьруш волу бусулба войла
Лаьа, хьан дахарехь аьтто хуьлийла
Хьуна мел лиънариг кхочуш хуьлийла!

Ас бокъалла дозалла до, лераме доттаг1
Хьо войзаш хиларна, дахарехь сайна
Войзина яцахь а, ши шо бен хан
Моьттура, яьлла д1а, кхо б1е шо хан.

Д1ахьура бу, вайн тоьхна рицкъанан мур
Чаьмзачу дешнашна тухуш а тур
Д1абоккхуш юккъера къаьхьаллин г1урт
Къегина хилийта, хьан дахаран сурт.

Х1инца, х1ара байт сайн, чакхене леста
Юха а даггара хьуна баркалла олуш
Сингаттам, г1айг1а цкъа а ца хууш
Вехийла хьо г1оза, б1е шарахь герга.