Пондарчин са

Аза Атагинская
Паскаев Рамзанна лерина

Ша тайпана къайле ю пондарчин сица.
1емина мукъамехь аьхна мотт бийца.
Мукъамца адамийн синк1орге кхийда,
1аршашка ойъу дог синтемах ийна.

Хаало пиллигаш п1елгашца хьедеш,
Б1аьргаша ца лоцу цу п1елгийн ловзар.
Говзалла кхи дика хила йиш йоцуш
Сийлахьчу  Аллах1а ца кхоош елла.

Г1айг1ано хьаьшна дог мукъамо ойъу,
Доьналла оьшучохь дог марса доху,
Безамо йийсаре лаьцнаверг хьосту.
Мукъамо б1аьргех мела хи доккху.

Юьртахо хиларна хастам бо Далла.
Вехар ву даимма тхан дегнийн баьрччехь.
Диканца вехийла 1алашвеш Дала,
Хьалкъо хьан сий дойла Даймехкан кхерчахь.

           Азман Джабраилова
           с.Старые Атаги            
           2017г