Поздравление маме с днем рождения на чеч. яз

Фариза Цалдаева
Тахана, кху хазачу, дезачу денца
Малайкин хазаллица, Хьаьжин беркатца
Шайхин г1иллакхашца, Къуръан иманца
Тхан нана, Килсани декъала йо.

Массо а зезагал, хьо хаза ю
Цу маьлхан з1аьнарал, нур лепаш ю
Хьо тхайна хиларна, даккхий деш ду
Хьан мерза дешнаш, тхуна оьшуш ду.

Яхалахь, яхалахь, хьомсара нана
Хьай берех йоккха еш, дозалла деш
Ирс, аьтто хуьлуш, хьо г1оза ехийла
Самукъане хуьлуш мел дог1у де.

Даимна хьо тхуна латта йойла
Дахарехь цкъа а хьан во ма гойла
Доьзаллехь барт-безам эша ма бойла
Дуьненахь, эхартахь декъала йойла.