Роза

Мадина Мадо
Х1усам йохо бала боьсча
Сингаттамо дегнаш ляцча
Цамгар ла хьо хили говза
мейра доьнал хил йол Роза

Кхане хила са ца туьйсуш
Йоьхна карзах а ца йуьлуш
Доьзал къоьвлан мара къуьйлуш
Ойланашца къейла йуьлуш

Саг1е цамгар ярзинч санна
оьхазло ца йуьтуш даг чу
Са ца кхоош массу ханна
хастам Деле беш везначу

Х1у дити те ахь аланз Роза
Деха шин шарахь даг чоьх
И х1ора буьйса санна тховса
Ас ойла йир ю шийла чоьх

Ма дакъаз дели дахар суна
х1ун дог1у те хьо х1ора де
дуьне доьлхуш хета хьуна
Ейа ца ло кийрара ц1е