15. Берийн бешахь

Аза Атагинская
Х1ора дийнахь
Берийн бешахь
Схьа гулделла
Кегий бераш.

Бераш бертахь
Куьйгаш лаьцна,
Ловзу цхьана,
Дуьйлало..

Марздо кхузахь
Хаза г1иллакх,
Оьздангалла,
Ийман, барт.

Ма дика ду
Берийн бешахь.
Самукъне ду
Дегнаш тхан.

Хастам хуьлда
Везчу Далла
Ирсе дахар
Даларна!

Азман Джабраилова