48. Стела1ад

Аза Атагинская
Мела маьлхан дог1а 1енна дели,
Мархаш зарзйеш гучубели малх.
1аьмнаш дохдеш цо 1аьнаре дерзи,
1алам самукъне го, ц1анделла.

Маьлхан з1енарш вовшех тасаелла,
Басарийн дукхалла яржийна.
Стела1ад цхьа башха стигал къаго
Нуьре ахгуо беш д1ах1оьттина.

Стела1ад ду хазаллин 1аламат,
Стиглахь лепа дашо нур хилла.
Ду и лаьттахь доцу Делан совг1ат,
Стигла къаго Дала схьаделла.

Азман Джабраилова