39. Мичахь бу хьан корта

Аза Атагинская
К1охцалш ду-кха шортта,
Буьрка санна горга,
Мел лерина лехарх
Ца карабо корта.

Мичахь ду-те куьйгаш,
Ца карабо когаш.
Аса шура ютту-
Зуьно шен дег1 досту.

Къаьрззина соь хьоьжу,
Шуьрех хьожа йоху.
Буьхьиг хьебеш меран
Юхаъ шура йоьху.

Азман Джабраилова.