1а ду т1едог1уш

Аза Атагинская
Гуьйрено аьхке
Чехаеш, эккхий,
Дитташ т1е 1аний
Ц1ен-можа басарш.

Мох карзахбаьлла
Г1аш д1асаидош.
Мархаш язйелла
Дог1анаш 1енош.

Дог1анах ийна
Ло а ду дог1уш.
Гуьйре д1ачехош
1а ду т1едог1уш.

Азман Джабраилова