Хьо гена вийларо

Аза Атагинская
Хьо гена вийларо
Синтемах йоккху.
Шеконех ойлано
Г1аланаш ютту.
Геналлехь йоккху хан
Б1ешерел яхло.
Баттаца, малхаца
Хьан амат лоьху.

Хьо гуча валарца
Г1айг1а сох херло.
Хьан б1аьргийн к1оргенехь
Ирсан суй лоьху.
Къастар, я сатийссам
Харжа сайн дезахь,
Сатийссамца яха
Хир ю со реза...

Азман Джабраилова