32. Баппа

Аза Атагинская
Жима баппа, можа корта лестош,
Малхе хьоьжуш, айаделла лаьтта.
"Со а ду хьо санна дашо"- бохуш,
Шен кхолламна реза хилла,техка.

Зама ели, мехаш, дог1наш тили.
Баппан корта къежлуш, к1ай ма бели.
Мелчу махо сарахь шен "х1упп" эли...
Дашо коьртах шера т1уьска хили.

Азман Джабраилова
1979г