50. Керла шо

Аза Атагинская
Керла духарш тоьгуш,
Дезчу денна эшарш,
Хелхарш, байташ 1амош
Самукъне ду бераш.

Базанан дитт кечдеш
Бес- бесара чиркхаш,
Дашо хьеси оьхки,
Боьххье седа боьлли.

Гонах хьийза бераш
Деш самукъне хелхарш,
Доькъу Г1ура Дадас
Мерза совг1аташ.

Керла шо ду дог1уш,
Сатийссамаш айбеш.
Вайн Даймахкахь машар,
Ийман, беркат чаг1деш!

Азман Джабраилова