53. Серлабели стиглахь малх

Аза Атагинская
Серлабели стиглахь малх.
Лайх ц1анйели ломан раг1.

Тхевнан йисттехь кхозу шаш,
Эгош малхехь т1адамаш.

Шекар санна ло деши,
Татол хилла уьду хиш.

Хаза б1аьсте кхечи схьа
Олхазарийн эшаршца.

    Азман Джабраилова