Даймохк! Родина

Фариза Цалдаева
Даймохк!
Хьо хесто дешнаш, со леха х1утту
Карор те ма-барра, хьо хесто уьш суна.

Даймохк!
Ма чевнаш йира хьуна, цу боьхачу мостаг1ийн т1емаша
Амма ца къарлуш хьо, кога ира х1оьтти
Д1агойтуш дуьненна, хьай ницкъ а, хазалла.

Даймохк!
Со ирсе хета суна
Де-дийне мел долу
Хьо хазлуш гайча.

Даймохк!
Эшахь...хьа метта,
Б1аьрг-нег1ар ца тухуш
Д1адала со кийча ю са.