Сил мерза Нохчийчоь

Аза Атагинская
Аш цхьаммо хаттар дахь:- Х1ун ду сил мерза?
Дуьйцийла цоцуш, сан дала бакъ жоп ду:
- Кхин х1ума дуьненчохь доцуш шел мерза,
Сайн х1ора ц1ийн т1адам д1абаллал безна,
Дендайша ларбина исбаьхьа мохк бу.

Юха а аш хаттахь:- Х1ун дезна хьуна?
Хаттарна даггара дала сан жоп ду:
- Чот йоцчу хьал-дахарх ас хуьйцур боцу
Аганах дуьххьара дош хезча дуьйна,
Даь1ахкийн т1амарах боьлла ден мотт бу.

Сил дукха дезаш ду сийлахьчу лаьмнийн
Эзарнаш шераша къарданза баххьаш.
Шовданаш, чухчареш, боьлакаш, аьрцнаш,
К1ур бойъуш, х1аллакйеш, йагийна йарташ,
Даймехкан шахьараш, къежйелла б1аьвнаш.

Дашочу малхах вайн дуьне мел дозу,
Тхан дуьхьа йахалахь, Нохчийчоь, г1оза!

Азман Джабраилова