36. Писун дахар

Аза Атагинская
Ира м1араш, к1омсарш к1айн,
К1еда когаш, болар дайн.
Сан когех и хьекхало,
К1еда- мерза "хур-т1ур" до.

Дуьжу суна уллехь д1а.
Куьг хьокхуьйту дарба дан.
Ц1ийнах дехкий летар дац,
Пусу мел ду, шеко яц!

***

Уьйриг санна, хьерчаш 1уьллу,
Наб йо писус пеша уллехь.
Ас хьаьстича "мур-мур"- олий,
Хар деш, дуьйцу суна туьйра.

Г1енах гой-те ша з1енаршца
Уьдуш, ловзар езагашлахь,
Таь1на-тиебар бацалахь
Лаца г1ерташ олхазар.

***

Со меттах волу-
И т1аьхьа долу.
Буьрка ас кхуссу-
И т1аьхьа кхоссало.
Шен ира м1араш
Сан куьгех туьйссу.
Х1етте а дукха
Деза сайн Пису.

А.Джабраилова