40. Борг1ал

Аза Атагинская
Кхойкху, керта боьххье яьлла,
Зоьртал, майра, къорза борг1ал.
Гайта лууш шен майралла,
Т1емлочух тардина хьажар.

Ирчу херхан цергех тера
Т1илдиган т1ехь ц1ен бос лепа.
Онда, нийса, буткъа когаш,
Церан ира, буьрса м1араш.

Уьйт1ахула йолаелча,
Цхьаннах лата дагадеъча,
Лаьттах хьоькхуш,ирйо м1араш,
Йусало и, г1иттош т1емаш.

Сийна суйнаш б1аьргех туьйсуш,
З1ок т1еетта, мостаг1 кхерош.
Воьдуш, вог1уш и т1елетча,
Вер ву, хьайн са ма-дду ведча!

А.Джабраилова