Х1ай лаьмнаш...

Аза Атагинская
Х1ай лаьмнаш, дийцийша, муха
Аш аьрха халонаш лайна?
Зиерах шу замано дукха,
Ирхенехь баххьаш го тайна.

Мехаша хийла шу агарх,
Басенаш малхехь шун йагарх.
Т1еман х1оъ- молханах дагарх,
Орца аш цхьангге ца дехна.

Шу-м курра х1инца а лаьтта.
Шун карраш лекхалле кхийда.
Ца къанлуш, къоьжа ду лаьттар,
Нохчашца кхоллам д1аийна.

Азман Джабраилова