Диц ма де

Аза Атагинская
Ша- шеха б1окъежна, са акха даларх,
Ма кхаба хьайн дагчохь куралла, хьаг1.
Хьолан да хиларан лаам сов баларх,
Диц ма де дайн г1иллакх- вайн динан ах.

Вайнехан орамехь ю оьздангалла.
Вайн къоман иэсехь ду дайх дисна г1иллакх
Дайн весет ду церан бехкамаш ларбар.
Сийлахь ду Нохчаллех ца вухуш вахар.

                Азман Джабраилова