1ийжамаш биц ца ло

Зура Аутиева
1ийжамаш биц ца ло, мел зама яларх..
Меллалц а хазхетарш шаьш хуьйцуш, дaрах,
К1аргъелла чов хуьлий, уьш дуьсу коьртехь,
Шаьш хиллий хаийта, муо буьтуш дагна.

1ийжамаш биц ца ло,мел зама яларх..
Биц ца ло:"Д1адаьлларг,дицлохьа!"-аларх.
Са кхачош, б1аьрзевеш, оту,ца аьттехь,
Г1ерта и, чим хилла,д1аяккха,яьгна.

1ийжамаш биц ца ло,мел зама яларх..
Бераллехь лазийна куьг меттадaрах,
Цу хенахь къаьхьа дош синпхенах кхеттехь,
Къаналло лацарх а, дош дерзац атта.

1ийжамаш биц ца ло, мел зама яларх..
Ойланца шаьш лозуш, г1оранах яккхарх,
"Къинхетам бай а, со хецийша",-аларх,
Хецац-кха, дуьсуш дерг:"Т1еэцна",-ала.