Замано

Аза Атагинская
Замано тосур бу хьан юьхь т1е хебарийн маша.
Кхайкханза т1ееъна къаналла х1уттур ю д1а.
Де дийне мел дели дег1ана хаалуш иэшам,
Сиркхонаш лехьор ю, куц- кеп а хьох хердеш д1а.

Т1ехтилла м1аьргонаш ягарйеш уьдур ду денош,
Мог1анехь лаьттар бу коьртера ойланийн б1о.
Экаме ларйинчу хьан деган марзонаш хедош,
Вуьтур ву дахаро цхьалла лан г1орасиз хьо.

Дахаро зил хьакхарх дуьнент1ехь хир бац кхин хийцам.
Лаьмнаш т1ехаьрцар дац, эт1ар дац и 1аьржа латта.
Хьан коше веана до1а дан х1уттур ву, нагахь
Хьайн кхерчахь шен хеннахь дика во1 кхиийнехь ахь...
               
                Азман Джабраилова