Х1оранна яздина ду шен-шен йоза

Роза Дахаева
Х1оранна яздина ду шен-шен йоза,
Хьо ваьхна валале ган деза де:
Хьан наха мах къастош сиз бина доза,
Я цара д1атоттуш къематан де.

Хала ду,хала ду къонаха вовза,
Ду х1инца адамийн меттанаш говза.
Бахамах 1ехалой,дог долу ловза,
Ца оьшуш хьехархой,ца лардеш доза.

Д1аэца дагаца дешначун хьехам,
Д1алаца коьртаца воккхачун хьехар.
Д1аэца хьайн сица хьайн ненан дехар,
Кхетамца дог1ур ду нийса некъ бехар.

Д1аг1орта, х1ай адам, сирла некъ бовза,
Кхана цу эхартахь луьра ца хьовза.
Х1оранна карон ерг ю,шуна,нийсо,
Цундела д1ататта ямартло,кьийсам.

Дела,ахь лардехьа хьайн оьг1азлонах,
Дела,ахь лардехьа боьхачу вуонах.
Дела,ахь лардехьа к1езигчу мехах,
Б1аьрзечунна гечдехьа,ду сан цхьа дехар!