Декхар

Аза Атагинская
Къамелехь хесторах доггах жил- 1алам,
Кхоччуш бан ца г1ерта цунах вай т1алам.
Кхуьучу т1аьххьенна т1едуьллуш декхар,
Х1ора а доьзалехь дан деза хьехар.

Т1екхуьъчийн са, дегнаш ийманах дузуш,
Дахарехь оьздалла йовзийта йеза.
Даймехкан дика во1 хилар т1едожош,
Ма- хуьллу диканиг, пайдениг  хьеха.

Даймехкан турпалхой ца бицбан 1амош,
Дахаран некъаш вай довзийта деза.
Хуьнаре г1уллакхаш йуьстах ца латтош,
Сий дойтуш, къонахий ларийта беза.

Хьанала некъ харжар шайн декхар хеташ,
Догц1ена 1амалйар коьртачех лоруш,
Синошца к1еззиг хьаг1, гамо ца йезаш,
Вайн т1аьхье кхуьийла шалхонаш йоцуш.


                Азман Джабраилова