Даймахка 1а деъна

Аза Атагинская
1аьно даржош шен к1айн бархат
Кечйи аре, ломан дукъ.
Нускалх тарйи Соьлжа- г1ала,
Детех кхели х1ора юрт.

Дато совг1ат хилла 1уьллу
Лаьттахь уьнахц1ена ло.
Схьакъадийча з1аьнарш малхо
Детех къега чимаш го.

Шен исбаьхьа тикма дуцуш,
Чечакх тайпа юьллуш йис,
Буса кечди, мало йоцуш,
Цо леррина х1ора дитт.

Делан беркат долуш хуьлда
Даймахкана х1ора 1а!