Атаг1ахь 1а

Аза Атагинская
Даймахка 1а деъна, гуттар а ма дарра.
Сихха д1ах1оттий цо шелонан бакъо.
К1айн духар дуьйхина нускалах терра,
Атаг1а кечйелла, хазйелла лаьтта.

Органан аьрхалла мелла а йоьжна,
Цхьа к1еззиг г1ар- тата схьакхета лерах.
Б1аьста- м цо г1овг1анца охкур бу жаг1а,
Д1акхета шен лаам кхочушбеш Соьлжех.
               
                Азман Джабраилова