Йо1 езачу к1ентан илли

Аза Атагинская
       
Стиглара чухьоьжу седарчий доцург
Кхин лаьтта серло луш х1ума ца лепа.
Вог1у со хьан амат доьхьала х1уьттуш,
Дог доьхна бер санна синтемах ваьлла.

Буьйсано, садоь1уш, шабарш до лерехь.
1аршашка хецна ас кху иллин леткъам.
Сайн лазам дуьненан массо а маь11ехь
Балхор бу, ирс доьхуш вайшинна Деле…

Хьан некъаш лардо ас - ца во ахь тергал.
Жоп доцуш дуьту ахь сан сирла дехар.
Бертаза захало дош хетта вац со,
И бахьна ду хьоьга шовдане кхайкхар.

Буьйса ю со санна шен цхьаллин к1оргехь.
Хьан ц1арца лозу дог балано морцу.
Дог доьхна бер санна синтемах ваьлла,
Вог1у шун ураме, хьан амат лехна.
               
Азман Джабраилова
2016шо

------------
Музыка и исполнитель - Джансуев Асхьаб