Посвящение сестре на чеченском

Авхад Джамалдинов
Йижаршна лерина

Къоналле вирзина зама-хан яьлча,
Дахарехь,риц1къано лиэ ца во со!
Набаро 1ехийна-корта лахбелча,
Хьоме сан йиша,хьан йоьхь-сибат го!

Жималлехь,диканан декъаха къесташ,
Кегийчу йиш-вешен лай хилла!Тхо,
Нанас шен бер санна кхиий ахь хьоьстуш,
Мукъамца ерзайеш б1аьхонан чов*,

Ларамза,аьрхаллехь цхьаъ охьакхетча!
Б1аьрга буй хьийзабеш йоьлхуш хьо гой,
Цецволу!Йелхар хьан тидаме эцча,
Эсала къиэжаш хьо сайна,тарло!

Набаран г1алартех са-парг1атдаьлча,
1адийна 1уьллу со!Тергонаш йо..,
Чуьрарчу бераша мохь-ц1ог1а аьлчаъ,
Бераллехь йуьтуш-хьох къаста ца ло..?!

Геналлехь-ойланех хуьлу сан-пхьяьлчий!
Хиэралла ца хилар схьахаало..,
Суьйренца г1айг1ане–пхьоьг1ане ваьлча,
Саготта-карзахе,дог туохалой!

Да-нана даьхначу х1усаме хьоьжуш,
Сахиллалц лиэла со,хуорам хуьлий!
Эхарте кхаьчначу синойх-са хьоьгуш,
Дахар д1адоьду сан-х1аваъ туьдий!