***

Зура Аутиева
Исс шад боьхкуш,т1улгах ша хьарчийна,
Бердах хецна долчу кехатах,
Г1айг1а хили жимчу сох д1аийна,
Мокха марха таръеш сан дагах.

Тулг1еш керчош, х1орданаша санна,
Бала бийца, дог сайн даста д1а,
Тешам боцуш, аьтто боцуш, хьанна,
Г1ийла йиш а озош,некъ бо ц1а.

Тийна техкаш, 1ачу пет1амате,
Куьг а хьокхуш,хьостуш,дехар до:
"Б1аьрхи дужуш,евзинехь сан къайле,
Хьо дакъдаллалц, ца йостуш, д1ахьо."

Теша, кхочур кхане екхна,сирла,
Лаьа, ирс а лорах лелийта..,
Г1айг1а йойуш, де кхачийта керла,
Дахар цуьнца хийцадалийта.