Мехкан к1ант Мохьмад

Зура Аутиева
Б1ешершкахь халонаш лайначу къоман,
Яхь йолуш,сийдолу т1аьхье ю кхиъна.
Дерриге хьегначу,лезначу ломан
Сатийсам шен лаьттахь къонах гар хилла.

Накъостан бохам цо шен бохам лору,
Доттаг1чун дика а ирс хета шен,
"Къонах"-ц1е яьккхина ю цунна йог1уш,
Ю иза цкъа а д1айовр йоцу ц1е.

Нана шен резаеш, шен ден дог хьоьстуш,
Кхерчара дуьйна д1аболийна некъ,
Хиларх а хьаг1 йолчу наха са цоьстуш,
Оьздачу г1иллакхца боккхур цо чекх!

Тешна,дог Мохьмадан, шовданах терра,
Ц1еначу ойланех хьийкъина ду.
Дахар мел г1ертарх а хьулбан некъ шера,
Вайн Дала г1о а деш,цо лохур бу.

Лаам бу вайн лаьттахь лелийта шортта
Яхь йолу,собаре,г1иллакхе нах.
И Мохьмад санначех бахьана хилла,
Кхуьийла вайн мехкан хадийна мах!